ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин хилла президент: Оьрсийчоьнан бахархошна деза лолла


Оьрсийчуьра бахархой бахалуш бац демократин хьелашкахь, шайна леш хилар деарна, дIахьедар дина Украинин хиллачу президенто Ющенко Виктора. Шайн амалца бу уьш иштта. Оьрсийчоьнан махкахошна деза лолла, паччахь веза царна, уьш демократина тIегIерташ бац", - дIахьедар дина политико "112 Украина" телеканалан эфирехь.

Оцу контекстехь Ющенкос хьахийна Советан заманера оьрсийн яздархочо Толстой Алексейс аьлларг. Толстойс олуш хилла Оьрсийчоь шина тайпа пачхьалкх хиларх лаьцна – Киеван Русь а, Тайган Русь а.

Яздархочунна хетарехь, хьалхара евзаш хилла лакхара културан тIегIа хиларца а, Европехь даьржина лелаш долу кхин долчуьнца а, ткъа шолгIаниг - "акха а, акхаралла а" хиларца.

Ющенкос билгалдоккху юьйцург шолгIа Оьрсийчоь хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG