ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан министр: "ТIейогIучу хенахь паспорт оьшур ду интернетах пайда эца"


Оьрсийчоьнан културан министр Мединский Владимир.
Оьрсийчоьнан културан министр Мединский Владимир.

Оьрсийчоьнан културан министро Мединский Владимира дIахьедар дина, тIейогIучу хенахь интернетах пайда эца паспорт оьшур ду аьлла. Иза цхьа а шеко йоцуш хир долуш хIума ду, билгалдаьккхина цо, хаам бо ТАСС агенталло. Мединскийс дийцарехь, интернет паспортца лелор Оьрсийчохь хилла ца Iаш дерриг а дуьнентIехь хир ду.

Цу кепара цо жоп делла, авторан кино йоккхучу наха шайн кхолларалла интернетехула яржорах ца кхоьру хьо, Iедалан фестивалашка дехарш а ца деш аьлла шега хаттар дича.

Мединскийс чIагIдарехь, Оьрсийчохь цензура яц, ткъа авторийн бакъо ю шайн кхоллараллах шайна товш дерг дан. Амма, цуьнца цхьаьна, министро билгалдаьккхина кинотеатрашкахь шайн филмаш гайта луучу нахана иза низамашца дан некъ болуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG