ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газахь билггала 9 миллиард сом декхар дита кхело ца аьлла, боху "Газпроман" Соьлж-ГIаларчу векало


"Газпром межрегионгаз Грозный" компанино дIахьедар дина, газахь билггал 9 миллиард сом декхар дита кхело ца аьлла шайга аьлла. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, цу компанин векална Амерханов Рустамана тIе а тевжаш.

Амерхановс дийцарехь, кхело декхарелахь бина уьш догдохийла йоцу декхарш дита, амма ца хьахийна билггала ахчанан барам. Цунна хетарехь, 9 миллиард сом ахча хьехадаран бахьана хила мега "информацин юкъакхоссар". Хьалхо и терахь далийнера прокуратуро.

Дечкен-беттан 16-чохь Нохчийчоьнан прокуратуро хаам бира кIоштан кхелан сацамца 9 миллиард сом декхар дитина республикехь ягийначу газах аьлла. Карарчу хенахь и ахча цу хаамехь хьехош дац, билгалдоккху "Медиазона" зорбанан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG