ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу хьаьжойн квота алсамъяккхар дехна Нохчийчоьнан муфтийс


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь.
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь.

Кхушара ХьаьжцӀа боьлхучу нехан терахь алсамдаккхар дехна Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахь-Хьажас СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалшка. Цунах лаьцна Межиевс хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Межиевс бинчу хаамца, кхушара Оьрсийчуьра ХьаьжцӀа баха луучу нехан квота хIоттийна СаIудийн Iедалша 20 500 стаг. Муфтийс дийцарехь, цо дехар дина и терахь 5 эзарна алсамдаккхарх лаьцна. Цул сов СаIудийн Iедалша керла мах хIоттийна шолгIа а, кхоалгIа а ХьаьжцIа боьлхучу нахана лучу визана. Цунах кхушара доккхур ду 500 доллар.

Нохчийчоьнан муфтийс дийцарехь, цо кхетийра СаIудийн Iедалхой, республикерчу наха, шех дина ца Iаш ,Хьаьж деш Iедал ду шайн гергарчеран метта, цундела и мах охьабаьккхича дика хир дара аьлла.

"СаIудийн Iедалша дика лаа а доьгIна, шайга хIун дало хьовсур ду шаьш аьлла жоп делира", - боху Межиевс.

Межиев дийцарехь, Хьаьж дарехула йолчу дуьненаюькъарчу конференцехь дакъалаьцна цо Кадыровн омра кхочуш деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG