ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла поликлиника йийр ю Серноводскехь


Серноводск.

Серноводскехь керла дарбанан хIусам ян сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна цо хаам бина хьажа-хIотта цу эвла вахханчохь.

Кадыровс дийцарехь, керлачу поликлиникехь хIоттор бу кхузаманахьлера гӀирс. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан дешнашца, хин йолу поликлина хир ю кхузза тIекъелйина хIусам, 60 дархо охьавижо а, цхьана дийнахь 150 стаг тIеэца аьтто а болуш.

Кадыровс омра делла Нохчийчоьнан могашаллан министарна Сулейманов Эльханна керлачу поликлиника оьшуш йолчул а алсам сиха лоьрийн гIо кхачоран машенаш ло аьлла, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG