ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополерчу полицино лоьху жима стаг лаьцна Нохчийчохь


Низамаш лардон органаша лоьхуш хилла жима стаг лаьцна Нохчийчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан бехктакхаман лехаман урхаллан белхахоша. Иза ву 1991-чу шарахь вина Гикало эвлара вахархо.

Иза лехаме велла хилла Ставрополерчу номер 1 йолчу полицин декъо. Цу стагана бехке дуьллуш ду къола дар. Карарчу хенахь лоьхуш хиллачуьнгара кехат даьккхина цIера дIасавера вац аьлла.

Таллам бу дIахьош.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG