"Газпром межрегионгаз Грозный" компанино аппеляцин латкъам бина Нохчийчуьрчу кхело 9 миллиард сом декхар дита ша декхарелахь еш сацам барна.
Дечкен-беттан 16-чохь Нохчийчоьнан прокуратуро хаам бира, кIоштан кхелан сацамца 9 миллиард сом декхар дитина республикехь ягийначу газах аьлла.
ТIаьхьо Оьрсийчоьнан цхьамогIа регионийн депутаташа прокуратуре кехаташ яздина, Нохчийчохь санна шайн бахархошна а газах гулделла декхар дитар доьхуш. Цу тайпа кехаташ яздина низамаш лардечу органашка Чувашехь а, Башкирехь а, Красноярскехь а, Астраханан а, Ростохан а, Курскан а, Свердлован а, Смоленскан а кIошташкахь.
Нохчийчуьрчу министро Умаров Джамболата "Говорит Москва" радиона интервью луш дIахьедар дина, газах декхар кхоьллинарг республикехь бина тIемаш бу, ткъа Нохчийчоьно и ахча дала дезаш дац аьлла.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?