ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хехо ца оьцу". Оьрсийчоьнан пенсхоша белхан меттигаш лехарх


Пенси боьлху хан кхаьчнарш, аьлча а, пенси ваха 5 шо, я кхин а кIезиг хан йисина нах бахьана доцуш балхара дIа ца бахийта, терго латто буьйлабелла оьрсийн Iедалхой. Къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министараллан куьйгакIеларчу бахархой мукъа ца хилийтаран центрашка ГIадужу-баттахь дуьйнна болх лучара хIора кварталехь информаци кхачо еза царех: маса ву ишта пенсхо, церан хенаш билгал а йохуш.

ГIадужу-беттан 3-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьйгяздира, бахьана а доцуш, пенси ваха хан йолу стаг балхара вохийначунна таIзар деш. Пенси воьду хан тIетохар нахана дукха тIех халонга ца далийтархьама, белхан меттигаш кхачо гIерта пачхьалкх, дуьйцу эксперташа.

"40-45 шо кхаьчначул тIаьхьа Iаламат йоккха проблема ю балха хIоттар", - аьлла социалан-къинхьегаман бакъонийн Центран куьйгалхочо Герасимова Еленас

"Настоящее время" гIирсан корреспонденто къамел дира пенсехь болчаьрца а, пенси баха хан герга кхочучу бахархошца а эйджизмех – шераш бахьана долуш, белхан меттигашкахь лелочу дискриминацех.

Хьалхо тхан хьостано зорбане яьккхинчу материлехь дийцира, кхечу пачхьалкхашкахь муха беха пенсионераш. Материлан турпалхой догреза хилира шайн суьрташ зорбане дахийта а.

Ткъа хIара артикл кечъечу хенахь, Оьрсийчуьра пенсхой дуьхьал хилира, шайн суьрташ зорбане дахийта а, я шайн бакъйолу цIераш йовзийта а.

Шофер

Юрий Николаевич – говза шофер ву. Машенийн меженаш юхкучу туьканчохь болх бина цо тIаьххьарчу 17 шерачохь.

"Сан 61 шо ду. Пенси вахана цхьа шо ду. Кхул хьалха туьканахь болх беш вара со, хIинца иза дIакъевлина. Со вехачу Чеховехь (Москохан кIошт) болх ца карош къар дайна сан. Луларчу Климовскехь волавелира со дуьххьара болх лаха. Меттигерчу индустрехь хехо хIотта дагахь хиллера со. ТIе а ийцира, къамел дира соьца, амма телефон юха ца туьйхира", - дуьйцу пенсхочо.

12 эзар сом алапа оьцура цо, ша туьканахь болх бечу заманчохь.

"Ас оьцучу 11.200 эзар сом пенсина тIе тоьхча тоаме хуьлура иза. Ткъа пенсех хене вийла хала ду", - боху Юрий Николаевича.

Климовскехь аьтто ца хилча, машенийн меженаш юхкучу туьканашкарчу шена мел бевзачарна тIехула чекхвелира иза, амма цхьанхьа а меттиг ца хуьлура. ТIаккха шоферан болх лийхира цо, цигахь а ханна воккха ву бохуш, дIа ца оьцура цхьанхьа а.

"Меттигерчу "Мосавтотранс" олучу автобусан паркехь а лийхира ас болх. Низамашкахь сан бакъо яц я бераш, я баккхий нах дIасалело, хIунда аьлча, сан 60 шо долу дела элиро соьга цигахь. Суна-м цара низам схьагайтира", - дуьйцу пенсхочо.

"Настоящее время" проектан корреспондентна ца карийра цу тайпа низам: массо а юристаша а чIагIдо, машен лелор доьхкуш низам данне а дац аьлла. Хууш дац, хIун гайтина хилла Юрий Николаевична.

Карарчу хенахь меттигерчу "Рядом с домом" цIе йолчу газет тIехь болх лоьхуш ву пенсхо. "Газет тIехь балха кхойкхуш хаам гича, оцу организаци воьду со. Чеховехь масийттанхьа хилла со. Схьагарехь, ур-атталла хехо а ца оьцу со", - дийцина болх лоьхучо.

Талламаш бечу HeadHunter компанин куьйгалхочо Игнатова Марияс бахарехь, Оьрсийчохь проблемаш юьйлало белхан хьелашца стеган 45 шо кхаьчначул тIаьхьа дуьйнна.

"45 шарел тIехваьллачо эхашерачохь лоьху болх, ткъа 25-35 шо долчунна 3-6 кIиранчохь карабо", - боху эксперто.

Бухгалтер

Пенси яха хан герга кхочучу заманчохь балхара дIаяьккхина Полина Сергеевна.

"53 шо дара сан хIетахь. Цхьана доларчу школехь бухгалтер болх бинера ас дуккха а шерашкахь. Школан куьйгалхо хийцавелча балхара дIаяла декхаре йира со а. ХIетахь сох тешна къена да-нана дара сан, царех цхьаъ меттахь кIелвисина инвалид вара, хIетте а ца йитира со болхбан", - дийцира зудчо.

Кхи тIе а стресс йинарг дара, Полина Сергеевнана пенси яха хан тIетоьаш цахилар. Онлайнехь лоьхура цо болх.

"Кест-кеста сайн резюме дIасакхоьхьуьйтура ас, амма жоп ца догIура", - боху цо. Къинхьегаман биржан сайте а язъеллера иза, цо а пайда ца беара, ша балхах йоьхна аьлла, доладелла ахча доцург.

Эххар а автобусан паркан филиале хьажайо Полина Сергеевна. Цига балха араяла бохуш, дехарш а до цуьнга, хьайн хенаца кхи цхьанхьа а оьцур яц хьо а бохуш.

Биъ бутт баьллачул тIаьхьа кхо яхьийтинчу онлайн-резюмена жоп кхочу. Оьрсийчоьнан Къилбаседа регионашкара кхечу пачхьалкхе тиша эчиг дIадохьуьйтучу фирмано балха оьцу иза. Тахана цигахь бухгалтер болх беш ю иза.

Секретарь

"Къинхьегаман биржа- еккъа катастрофа ю, - боху 50 шо долчу Екатерина Олеговнас. – Хьо шайн чоьте а оьций, цхьа кепекаш ло хьуна. 7 эзар сом ца кхоччуш лора суна баттахь. Цигахь мел дийриг-хьуна пайдене дац".

Стохка Дечкен-баттахь дуьйна болх боцуш йисина Екатерина Олеговна. "Роснано" пачхьалкхан корпорацино мукъаяьккхира иза балхара, дуккхаъ шерашкахь цигахь къахьегна йолу.

"Хьан шераш бахьанехь ца боху оха, тIейогIучу хенахь хIокху белхан меттигехь реформаци еш ю эира соьга, - дуьйцу цо. - Сайн дика резюме ю аьлла, тешна яра со. ХIунда аьлча, "Роснано" йоцург а, ас дукха болх ма бинера РАО ЕЭС-хь Чубайсан хиллачу цхьана гIовсаца".

Делахь а, дуккха а зеделларг доллушехь, болх каро атта дацара цунна.

"Дуьххьал дIа цхьаммо а эр дац хьоьга – хьо ханна йоккха йолу дела оха ца оьцу хьо балха. Эзар бахьана карор ду-кх хьуна куьйгалхочунна хьо балха ца эца, дукха хьолахь доцца дIахададо – хьо тхуна ца мега олий. Массарна а кегийнаш оьшу", - аьлла хета Екатеринина.

Онлайнехь а цхьана лехна цо болх.

"ХIора Iуьйранна хьала а гIоттий, коьртачу hh.ru, superjob.ru, rabota.ru сайташ тIе резюме йохьуьйтура ас. Кегийча интернет, керла белхан меттигаш го хьуна, ахь цаьрга хьайн резюме тосу - жоп ца догIу", - дуьйцу зудчо.

Ша балхара дIаяьккхина пхи бутт баьллачул тIаьхьа карийна Екатерина Олеговнана болх. Шен боккха аьтто хилла аьлла хеташ а ю иза. Цхьахйолу лакхарчу доьшийлан методикан центрехь экзаменийн тесташ шаръеш ю иза.

Къайлахчу сервисийн белхахо

Хьем бойцуш балха хIотта аьтто хиллачех ву Лев Степанович. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн цхьана декъахь къахьегна ву иза.

Ша эскаран гIуллакххо хиларе терра 55 шо кхаьчча пенси ваханера иза. Юьхьанца курьеран болх нисбеллера цунна.

"Документаш дIасакхехьар бара сан болх. Адресаш метрона генахь хуьлура, цундела доккхачу декъанна гIаш лела дезара сан. Делахь а, суна новкъадерг хIун дара, белхан контракт ца деш- соьга болх байтар. Со тешна вара, мичча хенахь а, "Iо дика йойла хьан" ала йиш яра церан соьга, ткъа сан карахь ас болх бина хиларх цхьа а тоьшалла ца хуьлура", - дуьйцу Лев Степановича.

ТIаккха шен корматаллица богIу болх лаха волавелира иза.

"Цхьа бутт баьлча аьтто хилира сан балхаца. Дешаран хьукматерчу КПП контролер дIакхойкхуш, бина хаам гира суна. Со цецваьлларг хIун дара, царна оьшург 55 шаре ваьлла белхало хилар. Пенсхо воллушехь со балха дIаэцца хила тарлора цара - масала, суна некъана а, транспортна а ахча дала цадезарна, сан социалан карта ма ду", - боху Лев Степановича.

Оцу цхьана белхан меттиге пхи стаг вара, хIора кандидат тестах чекхвоккхуш.

"Масала, сан охьадийца дезара, цIе ялахь, цIеххьана эвакуаци хилахь а айса дан дезарг. Ишта ингалсан мотт хаар а лорура. Суна схьахетарехь, ас хьалха бина болх бахьана долуш дIаэцна хир вара со, цу тIе - со борша стаг а ву. Куьйгалло хьесап дина хир дар-кх, зударийн коллективехь урхалла дан а суна хала хир дац аьлла", - хета Лев Степановична.

Индустрин белхахо

Регионашкахь изза проблемаш ю, амма хьелаш кхин а хала ду.

"ХIара Москох ма яц, тхо долчахь 10 эзар сом а тоаме алапа лору, - боху Оренбургерчу Юлия Андреевнас. - Ас болх бинчу дама доккхучу индустрехь тахана алапа 13-14 эзар сом ду. Ткъа сан пенси - 12 эзар. Халла хене йолу со, лол бетташ. Коммуналан йолах дIадала а, юург латтон а бен ца тоьа. Ткъа цхьаъ эца дезаш хилахь, сан доьзало гIо до суна".

Шен 55 шо дуьзначул тIаьхьа пенси яхна Юлия Андреевна.

"Хьалхарчу шина шарахь цхьанхьа а балха яха а ца гIиртира со - сайн говзаллица болх каро Iаламат хала дара суна. Масала, ас санна индустрехь болх бина сан цхьа накъост, туькана горгам хьакха яхна-кх. Суна-м ца лаьара, дийно сарралц туьканахь ялла, ткъа цуьнан самукъадолу - адамашца къамелаш деш а хазахета цунна", - дуьйцу цо.

ГIад дайна дегайовхо

Чеховехь вехачу шоферо Юрий Николаевича дог доху, бух боцуш пенсхошна белхан меттиг ца лучу куьйгалхошна дуьхьал гIуллакх долош низам арахецаре.

"Уьш совцон цхьа урх кароре сатуьйсу ас. Цкъачунна шайна хеттарг схьадо цара", - боху цо.

Материалан автор Каранух Мария, гочдар Димаева Лизин

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG