Дагестанан Iедалан векална а тIе а тевжаш, «Дербент» агенталло бинчу хаамца, ХIинжа-ГIалахь хиллачу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалийн векалийн кхеташо хьалхара цхьаьнакхетар дара белхан комиссин. Цуьнан Iалашо ю Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдаккхар.
Барт баран комиссин декъашхой муьлш бу цкъачунна хууш дац.
Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, белхан визитца шинарин дийнахь ХIинжа-ГIала веана Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?