ДIадаханчу 2018-чу шарахь Нохчийчохь 21 тIемало вийна, дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан кхеташонехь Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, кхин а 56 стаг лаьцна ву, терроран а, экстремизман а чулацам болу цхьацца зуламаш дарна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, баккхийн кхиамаш баьхна меттигерчу ницкъаллин структурийн органаша зуламаш дина нах лохуш а, царна таIзарш деш а. Кадыровс чIагIдарехь, наркотикаш йохкарца къийсам латтош а дикачу агIор хийцабелла полисхойн белхан гайтамаш.
Оццу кхеташонехь чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана хаам бина, цуьнан дешнашца аьлча, бандитийн тобанийн 10 декъашхо, къера а хилла, ша Iедалшна тIевеана аьлла.