ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу кхело 1,6 миллион евро тIедожийна Оьрсийчоьнна


Францерчу Страсбургехь куп тоьхначу Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна 2000-2005 шерашкахь салташа дIавигинчул тIаьхьа лар йоцуш вайначу 20 стеган гергарчарна 1 миллион 600 эзар сов гергга евро ахча далар.

Цунах лаьцна хаам бина "Правовая инициатива" вовшахтохаралло, яздо «Медиазона» сайто. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, берриг а и нах лар йоцуш байна Нохчийчохь 2-гIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскарша а, ницкъаллин структураша а дIалаьцначу территори тIехь.

Оьрсийчоьнан ниазамаш лардон система гIорасиз хилла цу нехан кхоллам билгалбаккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG