Киеван кIоштан административан кхел листа реза хилла 25 шо долчу нохчочо Бельтоев Ислама бина латкъам. Бельтоевс доьхург ду политикан тховкIело йоьхуш ша дина дехар юхатухуш миграцин сервисо бина сацам юхабаккхар.
ГIуллакх къасто доладале хиллачу кхеташонехь суьдхо Каракашьян Сергей реза хилла Бельтоевн дехар листа Чиллан-беттан 25-чохь, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Стохка Киеван апелляцин кхело набахтера аравалийтира Оьрсийчоьнан федералан кхерамамазаллин сервисан (ФСБ) дехарца лаьцна волу Бельтоев Ислам. Цуьнан адвокато Симоненко Златас бинчу хаамца, Бельтоев аравалийтинера талламан изоляторера, шен цIахь лаьцна латтр веза аьлла сацам а бина. Хууш ма хиллара, иза Украинехь вехаш ву шен доьзалца.
Бельтоевн адвокаташа чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Iедалша Бельтоев дIавоьхуш ву политикан бахьанашца. Карарчу хенахь ФСБ-но иза лехар бух болуш ду-дац къостош бу талламхой.
Интерполе лехаме велла волу 24 шо долу Бельтоев Ислам лецира Укранин дозанхоша Борисполь кеманийн портехь кхушеран Дечкен-баттахь. Иза цига кхаьчнера, Истанбулехь кема а хийцина, Бангкокера Киеве вогIуш.
Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла.
2013-чу шарахь дуьйнна шен доьзалца махкал араваьлла Бельтоев ваьхна Туркойчохь а, Мисарахь а. Цигахь Iамийна цо Iарбийн мотт а, динан Iилма а.