ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра йоккха стаг бехке йина эладита кхолларна "Грозный" телевизионо


Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Пенсийн фондана латкъам беш кехат яздина Цечоева Фадиман цIе йолу йоккха стаг бехке йина "Грозный" телеканало эладита кхолларна, яздо Кавказ.Реалиино.

Цу зудчо дийцарехь, Пенсийн фондо цунна ца дина 5 эзар сом барамехь ахчанца цкъа деш долу гӀо.

ЧГТРК "Грозный" телевизионо дийцарехь, Цечоевас бинчу латкъамехула таллам бича гучудаьлларг ду и ахча цунна 2017-чу шарахь делла хилар.

"Цу хьокъехь кхетош болх цуьнца бина хилла цо Кадыров Рамзане дехар дале. Амма иза тергал а ца деш, зудчо шен латкъамашца кхечу гIуллакхашна юкъарваьккхина регионан куьйгалхо", - аьлла ду цу хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG