ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь газах IаьIна декхар доьзна дац тIемашца – Газпром


"Газпром" компанин урхаллан гIанден когаметта Голубев Валерий.
"Газпром" компанин урхаллан гIанден когаметта Голубев Валерий.

Нохчийчохь газах декхар IаIар доьзна дац тIеман хиламашца, иза гулделла цунах ахча дIадаларан дисциплина лахарчу тIегIанехь хиларна, дIахьедина журналисташка "Газпроман" урхаллан гIанден когаметто Голубев Валерийс, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

- Декхар гулделла йолу хан тIеман хиламашца йоьзна яц, цхьамогIа комментарешкахь иза ма дийццара. Декхарш дисина нахана тIехь газах шен хеннахь ахча дIа ца даларна, - боху Голубевс.

Дечкен-беттан 16-чохь Нохчийчоьнан прокуратуро хаам бира Соьлж-ГIалин Заводан кIоштан кхелан сацамца 9 миллиард сом декхар дитина республикехь ягийначу газах аьлла.

Дечкен -беттан 21-хь "Газпром межрегионгаз Грозный" компанино аппеляцин латкъам бира и сацам юхабаккхар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG