ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамакаев Мохьмад. Зама


please wait

No media source currently available

0:00 0:01:24 0:00
Линкана тIе

Мамакаев Мохьмад

- Зама -

Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита суна,
Со дахарх Iаьбна вац хьуна,
Сан дисна дезарш ду хьуна:

Талланза шорта ю ареш,
Яздаза дисна ду иллеш,
Дагара хаийта кхоьруш,
Генара кехатца езаш, -

Со безам лехна ву хьуна,
Сатуьйсуш къежвелла хьуна.
Хьоьгара собар а лоьхуш,
Со вогIу хьоьца де къуьйсуш...

Зама, ма сихло, сан зама,
Со тахна реза ву хьуна,
Дуьненна кур бетташ вогIург
Сийначу молханца вагош.

ХьагIца цIий Iенадеш вогIург
Готтачу лахьти чохь сецош,
Дажалийн даьIахкийн хIурца
Вайн латта беркатца хьекъош.

Ахь лоьху селхенна нийсо,
ГIелвинчун дог-ойла екхош;
Атта де халонца хуьйцу -
Хийла ден кура дог дегош...

Зама, ма сихло, сан зама,
Цхьажимма некъ бита суна.
Доггаха дош аьлла ваьлла вац,
Дуьненахь ас битна цхьа зил бац.

Со дахарх заз даккха кхиъна вац,
Езачух бIаьрг тоьхна ваьлла вац,
Ма-хетта барт аьлла, Iаьбна вац,
Даймехкан декхарха ваьлла вац.

И суна массарел деза ду,-
ДIа ца луш кхалхарна кхоьруш ву,
Даймехкан сийлахьчу декхарна
Дуьненахь массо а деха вай.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG