ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Цхьа а вац аьтто болуш ша ягийна йоцчу газах ахча дала"


Кадыров Рамзан.

Цхьанне а аьтто бац ша ягийна йоцчу газах ахча дала, дIахьедар дина Кадыров Рамзана. "Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело декхарелахь йина «Газпром межрегионгаз Грозный» компани юхадерзалур доцу дебиторан декхар чоьтера дӀадаккха, цу хьокъехь иск яла еза хан чекхяьллачул тIаьхьа аьлла комментари йина, газах дисина декхар хьокъехь хIоьттина хьал дуьйцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нагахь и сацам низамца богIуш бацахь, иза къасто деза лакхарчу инстанцино. Амма шен чулацамца цу сацамо гойтург ду ширйелла проблема хилар. И бахьана долуш вуно чIогIа меттахбевлларш бу. Цхьаболчу политикаша а, зорбанан гIирсаша а регионашка кхайкхамаш бо бахархойн газах декхарш чоьтера дIадаха бохуш.

Цхьаболчара цунах ловзар дина. Цуьнца цхьаьна цара чIагIдо, кхело Нохчийчуьрчу бахархошна 9 миллиард сом декхар дитина бохуш. Цу кепара Iехош бу Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра гIалашкара а, ярташкара а бахархой. Суьдо цхьа а кепек декхар цадитина, ткъа иза нахера схьагулдаран болх цхьана сахьтана а сацийна бац" - боху Кадыровс.

ТIехула тIе, цхьа а доцург ду Нохчийчьурчу бахархошна дитина бохуш 9 миллиардах лаьцна дуьйцург а, билгалдоккху Кадыровс, Заводан кIоштан кхелан сацамехь цхьа ахча хьехош ца хиларна.

Кадыровс дийцарехь, «Газпром межрегионгаз Грозный» компанино еххачу хенахь газ йоьхкина бахархошна, баккъалла а газ ягош берш багар а ца беш. Нахана а ца хууш церан цIарх кехаташ хIиттийна а хилла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгдаккхарехь, цу нахана юкъатоьхна бу Нохчийчуьра дукхахенахь дуьйна дIабахана нах а, тIемаш боьлхуш байина нах.

"Цхьанне а аьтто бац ша ца ягийначу газах ахча дала, я юх-юха а цхьана кубометр газах пхиозза мах бала", - боху Кадыров Рамзана.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG