ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"13 шо ду тхан байначех кост доцу"


Федералан эскарш СемаIашкахь
Федералан эскарш СемаIашкахь

2000-2005-чу а шерашкахь федералан эскархоша дIалецначу Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а баъархошна I, 6 миллион евро ахча кхачийна адаминй бакъонашкахула йолчу Европан кхело

Ахмедова Юлия

Кху деношкахь Страсбургерчу кхело (ЕСПЧ) ша тIеэцна ши сацам бовзийтина, 2000-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а вайначу 20 стеган хьокъехь. Церан гергарчара дIахьединера, шайн нах федералан ницкъаша бигинера аьлла. "Правовая инициатива" проектан а, "Мемориал"центран юристаша а гIо динера гергарчарна кехаташ кечдина, кхеле чукхачо.

Европерчу адамийн кхело тIечIагIдина, Европерчу адамийн бакъонийн конвенцин цхьа могIа артиклаш Оьрсийчоьно ларйина цахилар а.

"Кулишова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехь вайначун нанас Кулишова Валентинас дIахьединера, шен кIант Соьлжа-ГIалахь лачкъийнера аьлла. 2005-чу шеран Зазадоккхучу-баттахь тIеман барзакъ доьхна, туьтмIаьжгаш йоьхкинчу наха Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле вигинера боху цо шен воI.

Иза дIавигина бутт баьллачул тIаьхьа долийра талламхоша бкхкзуламан гIуллакх. Иза а талла долош, юкъахдоккхуш, сецадора аьлла ду кхелан сацам тIехь яздина.

Йист ца елира цунах а: жимстаг кара а ца вира, я иза вигина нах муьлш бу а ца хиира.

"13 шо ду цунах цхьа а хIума хууш доцу. Москохарчу а, Нохчийчуьрчу а полисхошка хаамбинера ас, амма йист йолуш яц. Цхьанхьа а карош вац иза", - аьлла Дмитрийн нанас.

"АхметхановгIар Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакх Страсбургерчу кхеле делларг оьрсаша дIавигинчу Ахметханов Ахьданан нана а, цуьнан хIусамнана а, ши бер дара. Нана кхелхина 2014-чу шарахь.

ГихтIарчу шен хIусамера лачкъийна вигинера иза. 2002-чу шарахь буьйсанна автоматашца, яххьаш хьулйинчу наха чулилхина дIавигинера Ахьдан. Иза дIавуьгучу хенахь шен кIантана орцахъяьлла нана къахкийнера, когаш кIел герз тоьхна.

ТIаьхьо лулахоша дийцинера цуьнга, Хьалха-Мартана боьдучу новкъа дIавигира иза аьлла.

Стаг лачкъийна аьлла, гIуллакх айдира хIетахь, амма 2010-чу шарахь тесна дитира аьлла, яздина ЕСПЧ-н материалашкахь.

"Ахьдан дIавигинчул тIаьхьа массо а инстанцешкахула лелла со, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехула ФСБ-н урхалле кхаччалц. Йоллу пачхьалкхех чекхваьлла со, набахтешкахула а цхьана лийхира ас сайн ваша. Архангельскехь а ур-атталла хилла со. Цхьанхьа а ца карийра. Цул тIаьхьа, 2009-чу шарахь Европерчу кхеле девлира тхо. 2014-чу шеран аьхка кхелхира тхан нана, шен кIентан кхолламах кхин хаа аьтто ца болуш", - дуьйцу вайначун вашас Ахметханов Магдена.

"Умаров а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьлла, долийна гIуллакх хьакхало 2005-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь хиллачу хиламех. ХIетахь оьрсийн эскархоша Шела кIоштара вахархо Умаров Мохьмад дIалецира. Дубин-эвларчу шен цIера лачкъийра иза, вуьгу меттиг а ца буьйцуш. ТIаьхьо Мохьмадан дена къаьстира, Йоккха АтагIахь куп тоьхначу оьрсийн тIеман базе вигина иза аьлла.

2006-чу шарахь Кемеровн кIоштарчу колонин куьйгалхочо хаамбира УмаровгIаьрга, шаьш долчахь латтийра иза цхьана ханна, цул тIаьхьа юха а Нохчийчу дIавигира аьлла. ХIетахь дуьйна вайначух цхьа а кост хилла дац.

РогIера гIуллакхаш ду "Тазуев а, кхин а исс а Оьрсийчоьнна дуьхьал", "Кукурхоева а, кхин а исс а Оьрсийчоьнна дуьхьал" цIерашца теллина. ЦIерш яьхначийн гергарчара латкъамбинера Европан кхеле.

Оьрсийн федералан ницкъаша шайн тIам биллина латточу кIошташкахь хилла хIуманаш ду хIорш. Лецна дигинчул тIаьхьа, шайн бераш кхи гина дац царна, я Нохчийчохь бинчу талламаша а ца делла цхьана а кепара жамIаш, билгалдоккху "Правовая инициатива" проекто.

"2000-чу шарера 2005-гIа шо даллалц, контртерроран операци дIахьо а бохуш, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а бертаза нах дIа а буьгуш, къайлабахаран жоьпалла пачхьалкхна тIехь хилар чIагIдина кхело. 2009-чу шарахь официалехь эххар а юхаяьккхира контртерроран раж Нохчийчохь", - билгалдоккху адвокато Мацев Рустама.

Байначийн гергарчара масийттазза кхайкхамбира меттигерчу Iедалхошка, шайн нах лахар доьхуш, церан гIуллакх тесна а ца дуьтуш, таллам бахьара бохуш.

"Бина таллам бац оцу нехан хьокъехь, байнарш карийна а бац, я уьш лечкъийнарш жоьпе озийна а бац", - боху адвокато.

Европан кхело шен сацамца декхаре йина Оьрсийчоь ахчанца компенсаци дIакхачийна ца Iаш, кхи дIа а уьш лохуш, талламаш дIабахьар а, боху Мацев Рустама.

Амма бакъду, Оьрсийчоьно ахча дIа а хьажадой, тергамза дуьту шолгIа тIедиллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG