ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхана ямарт хиларна бехке вина Киеверчу кхело Янукович Виктор


Янукович Виктор.
Янукович Виктор.

Киеван Оболонан кIоштан кхело пачхьалкхана ямарт хиларна бехке вина Украинин хилла президент Янукович Виктор. Иза иштта бехке лаьрра агрессоро тIом беш цунна гIо дарна.

Януковичан бехк хиларан тоьшаллех коьртаниг ду цо Оьрсийчоьнан Iедалшка Украине эскарш хьажор дехар.

Ша Янукович Киеверчу кхелан кхеташонехь дакъалоцуш вацара. Цуьнан адвокато чIагIдарехь, Украинин хилла президент меттавогIуш ву дукха хан йоцуш шена йинчу операцех, хаам бо 112 телеканало.

Януковича ша бехке ца лору. Прокуроро дехна цунна 15 шо хан тохар. 2014-чу шарахь, Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Янукович ведира Оьрсийчу. Цигахь цунна тховкIело елла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG