ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанца доза къастош халонаш хир яц, боху Кадыровс


Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъарчу дозанан хаттарехь барт каро аьтто хир боцуш хIумма а дац. Карарчу хенахь дIайолаелла и доза билгалдаккхаран процесс. Цунах лаьцна дIахьедар дина Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, Дагестанан куьйгалхошца хиллачу цхьаьнакхетаро гайтина шина субъектана юкъара доза билгалдоккхуш ши агIо а вовшах кхеташ хилар.

ДIадаханчу шинарин дийнахь Дагестанан а, Нохчийчоьнан векалийн официалан цхьаьнакхетар хилира ХIинжа-гIалахь шина республикана юкъара доза къасторца доьзна хаттар дуьйцуш.

Дозанца доьзна хаттарш къасто кхоьллинчу белхан тобанашна коьртехь ву Нохчийчоьнан парламентан гIанда Даудов Мохьмад а, Дагестанан Халкъан гуламан куьйгалхо Шихсаидов Хизри а. Цу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира административан доза къастош болийна болх еххачу хенахь кхолладеллачу хьолана тIе а тевжаш дIахьура хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG