ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь лецна зударий дуьхьал бу шайн бераш даймахка дIадигийта


Шайн бераш даймахка дIадигийта реза ца хилла Иракъехь кхелаш йина цхьаболу таджикийн зударий. СаIуда Iаьрбийчуьрчу Таджикистанан векалтан хаамашца, Иракъехь Таджикистане дIахьажо кечдина ду 95 бер. Амма набахтехь такха яккхий хенаш йиттинчу церан наношкара пурба доцуш, бакъо яц бераш новкъадаха.

Бераш дIадала реза ца хиллачех ю 38 шо долу Зебунисо Хетлуна. Дуккха а хан ю цуьнан да, нана делла, ткъа цхьаъ бен воцу ваша кхуьнца а, кхуьнан доьзалца а бала болуш вац.

Шен цIийндеца 2015-чу шарахь Иракъе дехьаелира Зебунисо, циггахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхеттера цуьнан майра. Шо даьллачул тIаьхьа вийра Зебунисон цIийнда, ткъа ша жима зуда лурчаха караяханера Мосул гIала мукъа йоккхучу заманчохь. Елла дIаяллалц набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна, амма ненехь бакъо йитира, бераш даймахка дIадахийта.

Оьрсийчохь цхьацца белхаш беш лелаш ву Зебунисон ваша. Цуьнан зудчо Гуломова Сарвиноза элира, йишо Иракъе дIаяхарца, шайна тIе эхь даийтина бохуш, чIогIа оьгIазвахна ву шен майра аьлла. Делахь а боху Гуломовас, Зебунисон берийн хьокъехь шайга вистхилла стаг а вац.

"ГЕРГАРЧАРА ПЕТОЬХНА ТХУНА"

Кувейтехь а, Иракъехь а волчу Таджикистанан векало Зубайдзода Зубайдуллос оршотдийнахь Маршо Радион таджикийн Азаттык сервисан редакцига аьллера, кхел йинчу 43 зудчух 15 реза ца хилла шайн берех дIакъаста аьлла.

"Царех дукхахболчарна хета, шайн гергарчу наха шайна петоьхна дела шайн бераш а оьшуш дац царна аьлла. Шун бераш тесна дуьтур дац аьлла, чIагIонаш йинера оха. Амма хIетте а дуьхьал бу уьш бераш дIахеца", - аьлла посола.

Цо бахарехь, дипломаташ зIенехь бу таIзаре хIиттийначу зударийн гергарчу нахаца. Шайн ма хуьллу бераш цIа дерзо гIерта уьш.

"Президентан лаам бу ишта. Бераш жоьпаллехь ма дац шайн дегара-ненера даьллачунна. Нагахь берийн гергарчара уьш тIе ца лацахь, пачхьалкхо терго йийр ма ю церан", - боху дипломато.

Кхел йинчу таджикийн зударийн а, берийн а тептар кхин а яхъяла там бу, хIунда аьлча, дукхахболчара шаьш кхечу пачхьалкхашкара долуш санна, информаци елла цигарчу Iедалшна.

"МАССО А БЕР ТIЕЛАЦА КИЙЧА ДУ ТХО"

Душанбехь ехачу Камолова Сабзагулан йоI а ю Иракъехь набахтехь латточарлахь. Ходжаева Зухрос пурба делла шен 5 бер даймахка дIадигийта.

2014-чу шарахь Иракъе яха араелира иза. Шен 5-гIа бер набахтехь дуьненчу даьккхина цо. Камоловас дийцарехь, цуьнан йоI телефонехула зIене яьллера кхуьнца хатта, хьайн йоьIан бераш тIелоцур дуй ахь аьлла.

"ГIадъяхна тIелоцур ду элира ас. Шен пхи бер лелийна ца Iаш, сан йоIа доладеш ду цигахь веллачу шен гергарчу стеган шина беран а. Оха ворххIе бер схьадаладайта аьла, лелор ду. ХIинца уьш цIа кхачале бохуш, кечамаш беш ду тхо", - дуьйцу йоьIан нанас.

Базарахь хIуш духкуш ю Камолова Сабзагул, амма хIетте а йоьхна яц иза. Ша тIелоцучу жоьпаллехь ша ларор ю аьлла, тешна ю иза.

"ТIеман конфликт иккхинчу шерашкахь оха кога хIоттийна тхайн бераш, яа а, мала а, юха а латтош. ХIинца кху маьршачу заманчохь муха хир бацара тхоьгахь уьш кхион ницкъ", - боху Камоловас. ТIаьхьо шен йоI а, цхьа бахьана а хIоьттина, цIа йогIур ю аьлла, догйовха ю иза.

Зубайдзода Зубайдуллос дийцарехь, Таджикистано дехар дина Иракъан Iедалшка, шайн пачхьалкхан бахархой амнисти юкъа бахийтар доьхуш. Иза тешна ву, дукхахболу зударий харцонца цига дIабигина хиларх.

Таджикистанан Iедалша хьалхо дIахьединера, шайн махкара дукхахболу зударий цIийндайша Шема а, Иракъе а бертаза бигина бу аьлла.

Официалан терахьашца, 400 сов таджикийн зуда а, бер а дуьсу тахана Гергарчу Малхбалехь.

Шеман а, Иракъан а дукхахйолу гIаланаш маьрша яьхначул тIаьхьа, даIишхойн зударий а, бераш а Иракъан набахтешка а, Шемарчу ООН-ан каппашка а кхечира.

Оцу шина пачхьалкхехь тIемашкахь дакъалаьцна Таджикистанерчу 1900 вахархочо. Царех доккхачу декъан кхолламах карарчу хенахь хууш дац.

Маршо Радиора таджикийн Азаттык редакцин материал ю хIара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG