ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киеверча кхело 13 шо хан тоьхна Януковична


Киев, кхел.
Киев, кхел.

Украинин хиллачу президентана Янукович Викторна, дуьхьала а воцуш, хан кхайкхийна Киеван Оболонан кIоштан кхело. Пачхьалкхана ямарт хиларна бехке вина Украинин хилла президент Янукович Виктор. Иза иштта бехке лаьрра агрессоро тIом беш цунна гIо дарна. И зуламаш дарна 13 шо хан тоьхна цунна кхело. Прокуроро дехна цунна 15 шо хан тохар.

Янукович бехке хиларан тоьшаллех коьртаниг дара цо Оьрсийчоьнан Iедалшка Украине эскарш хьажор дехар.

Януковича ша бехке ца лору. 2014-чу шарахь, Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, Янукович ведира Оьрсийчу. Цигахь цунна тховкIело елла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG