ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн студенташ кароре сатуьйсу


КъахIирерчу Ал-Азхар университетехь доьшучу Оьрсийчуьрчу студенташа дIахьедо, Мисарахь хилар шайна кхераме ду бохуш. Меттигерчу полицино а, къайлахчу сервисаша а даим рейдаш дIахьо, кехаташка хьуьйсуш, дIалоьцуш, шайн пачхьалкхера арабохуш. Доккхачу декъанна и хьакхало кавказхойх, салафизман агIончех.

Iедал а, репрессеш а

Оьрсийн векалтан хаамашца, КъахIирехь тахана вехаш ву Оьрсийчуьра схьаваьлла пхи эзар гергга вахархо. Доккхачу декъанна, бусулба республикашкара шайн доьзалшца цхьана баьхкина нах бу уьш.

ШариIатан бакъо, хьадисаш, Iаьрбийн, ингалсан меттанаш, иштта динах литература а Iамайо цара.

Тоххара Мисарахь маьрша а, синтеме а дара. Туристийн визаца чу а оьхуш, Ал-Азхаран университете деша тасалора уьш. Маьхза ду цигахь Iилма Iамор. Чохь вехачу хIусамах а, юучух-молучух а дукха ца долу, къаьсттина лахара мехаш ду гIалин йистошкахь.

Деша хIотта луучун дехар масийтта беттанашкахь луьсту Ал-Азхаран доьшийлехь. Оцу заманчохь цуьнан визан хан герга йоьду. Турист вац иза, я студент ала а ца тарло цунах. Шаьш дешархоша бахарехь, хIинццал кхин башха оцу хIуман терго еш стаг а вацара, амма тIаьххьарчу хенахь Iедало къийсам болийна царна дуьхьал.

Байна гIалгIай

КъахIирехь дIалаьцначу ГIалгIайчуьрчу пхеа студентах аьхка дуьйна цхьа а информаци яц хезаш.

Церан хIусамех хьоьвсинчул тIаьхьа дахначу шеран Марсхьокху-баттахь дIабигина бу уьш полисхоша. Уьш боцурш а, кхин а масех стаг лецира хIетахь, цхьахволчун кхаа бераца зуда а цхьана. Масех де даьлча дIахецнера уьш. Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизар а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамазан а воцург.

Мессенджершкахула хаамаш дIасабаржийча бен ца хиира цаьрца цхьана доьшучу берашна, уьш лецарх. ДIалецна бераш даьхначу Арба-Нус кIоштарчу а, луларчу полицин декъашкахула чекхбийлира уьш, шайн накъостий лоьхуш.

Массанхьа а цхьа жоп лора: бац уьш тхоьгахь, олий.

КъахIиран урамехь
КъахIиран урамехь

Кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташна комментареш ца ло Мисарарчу полицино. Шайн пачхьалкхехь кхо бутт мел бели Iедалхоша кхин дIа дахдеш, лаьттачу Чолхечу хьолах низамна тIе а туьйжуш, дуьхьало йо полисхоша. Ткъа оцу низамо доза доцу бакъонаш юьту полисхошкахь, гатйо бахархой а, тIебаьхкинарш а Iалашбан шансаш.

Журналистца шайн хуьлучу къамелашкахь студенташ ийзало шайн цIераш йовзийта, ца магадо суьрташ даха а, ур-атталла, шайн аьзнаш хазийта а кхоьру. Кхоьру уьш, шаьш довзарна, шайн цхьа проблемаш дуьхьаляхарна. Дешар чекх а даьккхина, даймахка берза Iалашо ю церан. Ткъа цу Iалашоне кхача де дийне хала ду царна.

Аэропортехь гучудийла а ца лаьа царна, КъахIире схьаоьхучу шайн махкахошна дуьхьал ца боьлху уьш, я цхьа а новкъа а ца воккху цара. Ларамза ницкъаллийн структурийн белхахойн бIаьрг шайна тIехIоттарна кхоьру уьш.

Шаьш бехке бу?

ГIалгIайн гIуллакхах цхьа а хууш хIума цахиларо сагатдо. Я дохкуш бехкаш дац царна. Аьлча а, схьахазош дац-кх, хIокху гIуллакхна, оцу бахьанашна дIалецна аьлла. КъахIирехь лецначийн доттагIаша церан кхолламех хаа лууш лоьцучу адвокаташа гIуллакх дола а дой, тесна дуьту. Iаламат чолхе гIуллакх ду олу, амма ма-дарра ца дуьйцу.

ГIалгIайчоьнан вице-премьеран Цечоев Алиханан Оьрсийчуьрчу Мисаран векалца Ахмедов ТалаIат Ихьабца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа а, яьлла йист яц.

Оьрсийчоьнан КъахIирерчу консуло Абакаров Юсупа дийцира, ГIалгIайчоьнан Iедалхой масийттазза гIоьртира Ал-Азхаре дIалестачу дешархошна тIехь терго латто аьлла.

"15 шо а ду хIара къамелаш лела. Оьрсийчуьра бусулба Iеламчаш кхуза а оьхуш, Ал-Азхар университетехь доьшуш шайн пачхьалкхера маса стаг ву толлуш лела. Ткъа университето ца ло шайн студентех информаци. Цул совнах, шайн доьшийле шаьш мухIар таIийнарг бен дIа ма эцахьара бохуш, бартбан а гIиртира уьш. Цунах а гIуллакх ца хилира", - аьлла, дийцина Абакаровс.

Делахь а цхьаболчу Кавказера баьхкинчеран кочаэхар бух болуш ду боху консуло.

"Фейсбукехь кхайкхамбо цара: "Тхан бусулба вешех сингаттам Iоттабелла. ГIо дахьара аш цуьнан доьзална ахчанца" олий. ТIаьхьо гучудолу, и гIо эшнарг Шемахь тIом бина хилар. Ткъа цуьнан доьзална гIо мел динарг "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна ахчанца гIо латтийна ву олий, шеконашка оьцу. Мисарарчу полисхоша и нах дIалоьцу, церан телефонех хьовсу, хьаьнца уьйрашкахь бу толлу. Наггахь Whats Аpp-ах сингаттам болу. Цхьа ролик тесна хуьлу хьоьга, иза экстремизме нисло, ткъа хьо шеконе оьцу", - аьлла, дерзийра шен къамел Абакаров Юсупа.

ГIалгIайчуьрчу байначех цхьана а кепара хаамаш бац шегахь боху консуло.

Делахь а, тIечIагIйина йоцчу Мисарарчу волонтерийн информацица, масех кIира хьалха КъахIирерчу цхьахйолчу изолятор чохь гина хилла лаьцна латто пхи тутмакх.

Схьагарехь, мехала дегайовхо ю, кегийрхой дийна а бу, Мисаран Iедална ца тайначу иттанашкахь кхечу оьрсийн бахархошна а санна, царна а кеста депортаци йийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG