ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанца доза къастош дан дезарг дийцина кIоштийн куьйгалхошна Кадыровс


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалан векалша къасто дезаш ду шина республикана юкъара 475 километр доза. Цунах лаьцна хаам бина Кадыров Рамзана, Дагестанан дозанца йолчу кIоштийн куьйгалхошца шен хиллачу кхеташонехь, яздо "Нохчийчоь тахана" сайто.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Ножай-Юьртан а, Шаройн а, Веданан а, Шелковскойн а, Гуьмсан а кIоштийн куьйгалхой. Доза кIасторца боьзначу балхана юкъаозо беза шайн гIуллакх вуно дика хууш болу говзанчаш, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо цаьрца къамел деш .

Кадыровс критика йира кIоштийн куьйгалхошна а, юьртдайшна а болх ледара барна. Цунна хетарехь, хьем а ца беш, дерриг а дан деза Дагестанан дозанца йолчу кIошташкахь даьхни а, юьртабахам а, туризм а кхиорехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG