ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь Iедал сийсаздарна таIзар дийр ду Оьрсийчохь


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташа хьалхарчу ешарехь тIеэцна берриг а бахархойх хьакхалур долчу низаман проект. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчохь таIзар дийр ду интернетехь Iедал сийсаздарна.

И низам тIеэцарехьа кхаж тесна 336 депутато, дуьхьал 43 а волуш.

Низам кхоччуш тIеэцначул тIаьхьа Iедалхой сийсазбеш, царах цавешаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан символш а, Конституци а, Iедалан органаш а ларам боцуш, томехь йоцучу кепехь хьехийначарна таIзар дийр ду 3-5 эзар сом гIуда тохарца, я 15 де-буьйса набахтехь даккхийтарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG