ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхошна тIе шишанаш кхиссина нохчийн латархо тоьллачул тIаьхьа (видео)


Архивера сурт, 2015 шо.
Архивера сурт, 2015 шо.

Нохчийчуьра а, Дагестанера а паргIат латархоша 6 дашо мидал яьккхина Красноярскехь хиллачу Ярыгин Иванан безамна кхоьллинчу турнирехь.

Хасавюртара Чакаев Ахьмад тоьлуш латар дIадирзича, реза боцучу хьажархоша хи чохь долу масийтта шиша кхоьссина латархойн куза тIе а, суьдхой болчу агIор а, яздо "Кавказский узело".

Дечкен-беттан 24-чохь йолаелла "Ярыгин Иванан гран-при" цIе йолу дуьненаюкъара турнир дIайоьрзуш ю кIиранан дийнахь, Дечкен-беттан 27-чохь. Оьрсийчуьра боцурш, цигахь дакъалоцуш бу 6 пачхьалкхара латархой.

Дагестанера Чакаев Ахьмад (65 кила) Нохчийчийчоьнан цIарх а хилла цу турнирехь дакъалоцуш. Финалехь цо, дашо мидал а йоккхуш, эшийна Тувара латархо Куулар Начын, яздо "Весь спорт" сайто.

Цу шинан атлетан тасадалар дIадирзича инцидент хилла. 1-2 чоьтаца Чакаев тоьлаш а волуш, Куулара охьатоьхна нохчийн спортхо, суьдхочо 4 балл а луш.

Амма Чакаевн тренерша къевсина и сацам, Туварчу спортхочо динарг латар дIадирзинчул тIаьхьа дара аьлла. Суьдхоша дере дина иза иштта хилла хилар. Цунна реза боцуш шишанаш кхиссина хьажархоша. И бахьана долуш эшам хилла стаг вац, хаам бо РИА "Новости" агенталло.

Хилларг гойтуш видео араяьлла youtube-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG