ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бейдер Райана 34 секундехь охьавожийна Емельяненко Федор


Оьрсийчуьра ММА латархо Емельяненко Федор эшийна "Гран-при Bellator" турнирехь Iамеркхочо Бейдер Райана. Емельяненкос дита мегаш ду кхин дIа а латаран турнирашкахь дакъалацар.

Латар хилла кIиранан буса Лос-Анджелесехь. Байдера хьалхарчу раундехь 34 секундехь хенал хьалха толам баьккхина. Iамеркахочо, буй тоьхна Емельяненко оха а вожийна, буйнаш беттар юкъахдаьккхина реферис.

Оьрсийчуьрчу спортхочунна лоьрийн гIо эшна латар чекхдаьлча. РИА Новости агенталло бинчу хаамца, Емельяненко меттавеана, цуьнан проблемаш яц могашаллица.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG