ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн кхел бехк тIехь буьтуш йоьрзур ю аьлла хета цуьнан адвокаташна


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб
Бакъонашларъярхо Титиев Аюб

Наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкевинчу бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан гIуллакх оршотдийнахь кхи дIа хоттуш ду. Иза бакъ хиларан аргументаш йоллушехь, кхелан сацам иза бехкевеш хир бу аьлла "Эхо Москвы" радиостанцина еллачу интервьюхь Титиевн адвокато Дубровина Маринас.

Шо хьалха дуьйна лаьцна ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб. Иза тешна ву, шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух болуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG