ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь маслаIатан тобано 80 доьзал бертабахийтина


Дахначу шарахь ГIалгIайчохь маслаIат дина вовшашца мостагIалла лелош хиллачу 80 доьзална юкъахь, царлахь чIирехь хиллера 6 хIусам. Регионан куьйгалхочуьнца маслаIатан комиссин хиллачу кхеташонехь дина цунах дIахьедар.

Дукха хьолахь некъан бохамаш бахьана долуш, я дош дашера долий гIуьтту шина агIонна юкъахь девнаш аьлла, билгалдаьккхина комиссин куьйгалхочо Акилов Сайд-Хьусайна.

ТIейогIучу заманчохь дахаран хьелашца доьзна девнаш а, шинна юкъахь лелха конфликташ а, бизнес бахьана долуш айден мостагIалла а дерзо Iалашо ю шайн аьлла гIалгIайн маслаIатан тобано, хаамбо "МК-Кавказ" гIирсо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG