Нохчийчуьрчу ЛГБТ-н векалшна тIехIуттуш кIирандийнахь Пятигорскехь цхьааллин пикет дIаяьхьна Данько Екатерина дIалаьцнера, яздо "ОВД-Инфо" хьостано. Сахьтехь чохь латтийна, протокол ца хIоттош дIахецнера Данько. Save LGBT in Russia кампанин гурашкахь дIахьо пикет хIоттийнера Къилбаседа Кавказерчу президентан векалан резиденцина хьалха. Цу кепара акцеш дIаяьхира жигархоша кху беттан 20-чу дийнера 27-чу дийне кхаччалц.