ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовс кхочушбина казахийн берийн лаам


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб Карагандарчу берийн хIусамехь хилла, яздо Patriotkaragandy гIирсо. Журналистийн терго ца хилийтархьама, ша вогIий а ца хоуьйтуш кхаьчна хилла латархо Казахстане.

"Хьабибе кехат" аьлла, йолийначу акцин гурашкахь дара чемпион Карагандарчу берийн хIусаме кхачар. Цу цIийнерчу кIанта дехар динера цуьнга, шаьш долчу вар тIедуьллуш.

Иттанашкахь кехаташ кхечира Нурмагомедовга, царлахь иттаннан лаам кхочушбан сацам бинера цо.

"Шен дош лардина, веанера Дагестанера чемпион тхо долчу", - аьлла, дийцинера "Таншолпан" цIе йолчу берийн цIийнехь.

Къоначу шен фанаташца цхьанакхеттачул тIаьхьа, лерина шега дехар динчу кIентан нана ган, цо болх бечу туькана а ваханера Хьабиб.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG