ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГасангусейновгIеран ши ваша вер инзаре гIалат ду аьлла Васильевс


Дуьххьара комментари йитина Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира ГасангусейновгIеран гIуллакхах. Вийначу шина жаIуьнан деца Гасангусейнов Муртазалица цхьана хIунда ца кхета хьо аьлла, "Новое дело" газетан журналисто Меламедов Андрейс хаьттинера Васильевга.

"Ас тергонехь латтош дара и гIуллакх. Оха сацамбира, вежарийн гIуллакх кхачам боллуш таллийтархьама Бастрыкине дIадала. Сан кхетамца, инзаре гIалат ду цигахь даьлларг", - аьлла цо."

"Ишта ирча гIалат нислуш хуьлу. Тоххара милицехь болх бина ву со. Хьажахьа: дIахьош контртерроран операци ю, лаьмнашкара чубуьсу нах. Цхьаьннан нерваш ца тоьа, герз детта волало иза. Цу тайпа бохам нисло", - аьлла Васильевс газете.

Урхалхо тешна ву, "хуъушехь дина хIума дац и, хIунда аьлча, царна уьш бевзаш бацара, цхьа а гамо яцара цаьрца, бахьана дацара цигахь" аьлла.

"Iаьржачу боданехь нерваш ца тоьъна цхьаьннан. Со кхета цунах, хьо а кхета, милла а хьекъал долу стаг а кхета. Со тешна ву, низамийн гурашкахь гIуллакх толлур ду аьлла. Суна хаьа, адамийн цхьа тоба ю лелаш, и ситуаци йижа ца юьтуш, цунна тIехь шен авторитет лакха а яьккхина, ахча даккха гIерташ. Ишта суна хаьа, прокурор цхьанакхетта шина кIентан деца, и гIуллакх тергонехь латтош а ду", - аьлла Дагестанан урхалхочо.

ГасангусейновгIеран вежарий: 19 шо долу Гасангусейн а, 17 шо долу Наби а вийра 2016-чу шарахь Шемалан кIоштарчу Гоор-ХIиндахI эвлахь йоьдучу спецоперацехь.

ТIемалой бара уьш аьлла, бехк шайна тIера баккха гIоьртира полисхой, амма нах ца тийшира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG