ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КарабогIучу баттахь Иракъера 30 сов бер даймахка кхачор ду


Иракъехь хенаш кхайкхийначу зударийн 30 сов бер карабогIучу беттан юьхьехь Оьрсийчу цIадерзо дагахь бу аьлла, хаамбина берийн омбудсмено Кузнецова Аннас оршотдийнахь журналисташка.

Цо бахарехь, рогIера даймахка дерзо бераш хIинцца дуьненчу девлла а, кхаа шаре девлла а бераш ду. Бакъонашларъярхочо дийцарехь, Иракъан премьер-министрца а, пачхьалкхан Лакхарчу кхелан куьйгалхочуьнца а дийцарш чекхдевлла, цундела сихо хир ю уьш цIаберзорехь.

Керла шо карадале хьалха Иракъера орцан министраллан лерина рейс кхечира Оьрсийчу 30 бер далош.

Кху аьхка дуьйнна болийна Иракъера Оьрсийчоьнан бераш цIа кхачоран болх. БагIададерчу набахтешкахь бу церан наной.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG