ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс кхерамаш туьйсу Украинерчу депутатна, ткъа цо ша кхоьруш вац аьлла Оьрсийчоьнан политикех


Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) делегацин декъахо, Украинан депутат Береза Борислав юкъахь волуш хиллачу скандале инцидентах лаьцна комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Карладоккху, дуьненаюкъарчу организацин хIусамехь Березас оьрсийн журналист Скабеева Ольга дIа а тоттуш, юьхьIаьржахIоттийнера.

Телеграм-каналерчу шен агIон тIехь Кадыровс дIахьедина, Скабеева Ольга шена къинтIера яккха еза депутато, ца хуьлчу далахь, миччахь а цхьа бакъ волу къонахчо цуьнгара жоп доьхург хилар дIа а хьедеш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина, "нагахь цу кепара инцидент украинхойн журналистна дуьхьал Нохчийчохь, я Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионехь дина хиллехь, доллу дуьнено дуьйцуш хир дара" аьлла.

Ткъа Украинерчу Лакхарчу Радан депутато Береза Борислава дIахьедина, оьрсийн политикийн, къаьсттина Кадыров Рамзанан кхерамех ша кхоьруш вац аьлла. Ишта дуьхьалваьлла иза, журналист Скабеева Ольга къинтIера яккха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG