Нохчийчуьрчу 21 шо долчу вахархочун дов хаьттинчул тIаьхьа шайн сацам бовзийтина Башкортостанерчу Баймакан кIоштан кхелахоша.
Карладоккху, ГIадужу-баттахь Нохчийчуьрчу бахархойн дов иккхинера Башкирехь Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхалло бинчу хаамца, хилларг могIарера дар-дацар дара.
Ткъа кхечу версица, дов доладелла хилла шаурма юхкучу кхачанан хIусамехь. Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, вовшашна тIе а тевжаш, яздо цу чу хIума кхалла бахана хилла нохчий "кIоршаме бист хилла мах бечу йоIе, цунна тIе йий а тухуш, уьрсаца кхерамаш а тосуш".
ОьгIазбахначу Темясово эвларчу бахархоша багийнера цу эвлахь болх беш йолчу нохчийн белхалойн бригадан бахам - хIусам а, машенаш а. ТIелатар динчарна юкъахь цхьана стагна уьрсан чов йинера. Урс даьккхинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна шайн махкара дIасавалар а доьхкуш, 11 баттахь а, 6 дийнахь а пачхьалкхна белхаш бар тIедиллина, алапан 5 процент пачхьалкхо чу а сацош.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!