ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьках даккхий декхарш гулделлачаьргара бахам а, машенаш а схьайохур ю аьлла нохчийн пурстоьпаша


Дахначу шеран жамIашца а догIуш, Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпийн хаамашца, тоьках бахархоша тIехьарчийна декхар 142 миллион 560 эзар сом ду.

"Нохчийн кхелан пурстоьпаша декхар гулделлачу 155 вахархочун хIусамашкара йийбар дIалаьцна, Оьрсийчуьра аравала дихкина 514 стагна, декхархойн машенашна регистраци яр сацийна", - хаамбо "Чеченэнерго" компанино.

Цул совнах, 371 декхар волчун алапех хIора баттахь чусецош ахчанаш ду.

Говзанчаша дIехьедо, гергарчу хенахь даккхий ахчанаш тIехьерчийначаьргара декхарна дуьхьал схьайохур ю церан машенаш, церан долара хIусамаш а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG