ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн адвокаташна жоп дала хан ехна прокуроро


Талламан версица, бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан машенчуьра баьккхина боху наркотикаш чохь хилла тIоьрмиг тоьшаллаш тIеяздинчу тептарера дIабаккха аьлла, тIедожийначу Титиев Аюбан адвокаташна жоьпаш кечдан хан ехна шинаридийнахь прокуроро.

Маршо Радионо яздира, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочун гIуллакх стохка Товбеца-баттахь дуьйнна Шеларчу кхелехь луьстуш хиларх.

Видеокамерийн техникан экспертиза а еш, Титиевгара марихуана йоккхуш хиллачух талламан эксперимент дIаяхьар доьхуш, адвокаташа дина дIахьедар юхатуьйхира кхело оршотдийнахь. Ишта бакъо ца ло адвокаташна Титиев бакъ хиларан тоьшаллаш далон а.

Шинаридийнахь дукха адам дацара Титиев Аюбан дов хоттучохь. "Мемориалан" центран кхеташонан куьйгалхо Черкасов Александр а, "Мемориалан" юрист Глушкова Татьяна а, Human Rights Watch организацин Москохарчу офисан куьйгалхо Локшина Татьяна а, Титиевн масех гергара стаг а, аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденто.

Оршотдийнахь адвокато Дубровина Маринас дехар дира, Титиевн машен чохь карийна бохучу пакетан таллам бина республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ши эксперт левар хьоьхуш. Кхело тIе ца дитира и дехар а.

РогIера кхелан кхеташо хир ю карабогIучу беттан 6-чу дийнахь, хаамбина Телеграм-каналехь "Мемориало".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG