ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бельтоевн дакъа дIалуш дац


Шоьтан буса Аьрга-Хишкан йистехь Малгобекан кIоштара вахархо Бельтоев Мансур вийна карорах информаци тIечIагIйина билтойн тайпан Украинерчу векало, хаамбо "Кавказ.Реалии" портало.

"Латархо вара иза, спортхо вара. ЦIеххьана вайра иза. Лехамашка веллера иза. Хьуьнчохь хилла хила а тарло, я "вайина" хила а мега. Дакъа схьалуш дац цуьнан", - аьлла къамел динчо.

Иштта цо дийцина, стохка къайлахчу сервисаша Мансуран жимахволу ваша вийна хиларх а, ткъа церан йиша гIаттамхошна гIо латтийна ю бохуш, изолятор чохь латтош ю аьлла а.

2017-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лехамашка веллера Бельтоев Мансур. ГIаттамхошца уьйрашкахь ву, Шема дIаваха а гIоьртинера бохуш, шеконашка эцнера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG