ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минаш ю ехкина аьлла, Оьрсийчоьнан 12 регионашка харц хаамаш кхаьчна


Оьрсийчоьнан 12 регионашкарчу 70 гергга объекташкахь минаш ю ехкина аьлла, хаам хилла шинаридийнахь, яздо оьрсийн информацин агеталлаша, ницкъаллийн структурашкарчу шайн хьостанашна тIе а тевжаш. Цхьа хаам бух болуш ца карийна аьлла, дIахьедо полисхойн дакъошкахь.

ЦIарца боцу хаамаш кхечира Самаран, Оренбурган, Перман кIошташкарчу а, Удмуртерчу а, Башкирерчу а, кхечу регионашкарчу а административан хIусамашка а, школашка а, йохка-эцаран центрашка а, хаамбо зорбанаша.

Оьккхуьйтурш ю ехкина аьлла, анонимехь телефонаш йиттира дахначу а, карарчу а кIиранчохь иттаннашка школашка а, берийн бошмашка а, дарбан хIусамашка а, нах бехачу цIеношка а, йохка-эцаран туьканашка а. Амма цхьанхьа а кхерам хаабелла бац.

Социалан объектийн электронан почтехула а, полицин дакъошка хьийзийначу анониман горгалица а дIакхачош хилла информаци. Низамца а догIуш, хIора хаам зен безаш бара полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG