Юха а президентан харжамашкахь ша дакъалаца лерина хиларх официалехь дIахаийтина шинаридийнахь Украинан президенто Порошенко Петрос. "От Крута до Брюсселя. Мы идем своим путем" аьллачу форумехь вистхуьлуш дина и дIахьедар президенто.
Буьйцург бу 101 шо хьалха, 1918-чу шеран Дечкен-беттан 29-чохь, большевикашна дуьхьал Крута олучу эвлахь украинхойн тобнаша бина тIом.
Нагахь ша президент харжахь, официалан кехат-дехар дийр ду ша аьлла Порошенкос, Украина Евросоюза юкъа яхийта аьлла.