ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МакГрегоран фанаташца латарна дисквалификаци йина Нурмагомедовна


Лас-Вегасехь МакГрегор Конорца леттачул тIаьхьа хьовсархошлахь тасаваларна Невада штатерчу атлетикан комиссино исс баттана латарш юкъара ваьккхина Дагестанера UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб. Иштта декхаре вина иза 500 эзар доллар гIуда такха а. 50 эзар долларна гIуда а хьарчош, эхашарна дисквалификаци йина МакГрегорна а.

Нурмагомедовн менеджеро Абделазиз Iелас нийсо яц аьлла, цу шинна тоьхначу гIуданийн башхалла. Делахь а комиссин сацамна латкъамбан дагахь яц Нурмагомедовн команда.

Дахначу шеран ГIадужу-баттахь Нурмагомедов Хабиба эшийра Макгрегор Конор Лас-Вегасехь хиллачу UFC-н латарехь. ЙоьалгIачу раундехь цо садукъочу кепехь лецира ирландхо. Латар дIадирзинчул тIаьхьа йоццучу хенахь тасаелира Нурмагомедовн а, Макгрегоран а тобанаш. Летарш дIасабехира сихха юкъалилхинчу хадархоша а, оцу сарахь леташ хиллачу кхечу спортхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG