ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхерамаш тийсина Кочетковна (Видео)


Кочетков Игорь
Кочетков Игорь

Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Басханов Iелас "Оьрсийчоьнан ЛГБТ машан" куьйгалхочунна Кочетков Игорна кхерамаш туьйсуш видео шайн сайте яьккхина организацино. Видео тIехь тIеман барзакъ доьхначу, шен юьхь цахьулъечу стага боху Кочетковга, нагахь Нохчийчу хьо вагIахь, и хьан "тIаьххьара социйла" хир ю. ЛГБТ-н лидер "яккха цIе а йоцуш, дийца тайпа а доцуш боьха хIума ю" боху Басхановс. Хилла инцидент Iораяккха еза аьлла хета организацина.

Хьалхо Кочетковс дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Талламан комитете, Нохчийчохь тIаьххьарчу хенахь гейш дIа а лоьцуш, царна тIехь къизаллаш лелорах талламбар тIедожош.

ДIахьедарехь дуьйцу, байначу беттан 6-чуьра карарчу беттан 22-чу дийне кхаччалц Соьлжа-гIалахь гомосексуалаш бу боухш, 14 стаг дIалацарх. Октябрьск кIоштарчу лоьмар 2 йолчу полицин декъехь латтийна уьш, яздо Кочетковс, етташ, ток йоьттуьйтуш, хьийзош. Ишта шайгарчу кехаташна куьйгаш язде бохуш, ницкъбина царна.

Соьлжа-гIалахь лаьцначу цхьаннан Юсупов Бекханан цIе яьккхина ЛГБТ-машано. Бисинарш дуьхьал хилла шайн цIераш яха, билгалдоккху организацин лидеро. Шайгарчу информацица, дIалаьцна а латийна, полисхоша тIаьхьо вийначун цIе а дIаелла цара Талламан комитете.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG