Балха араяла аьтто бойцуш, шен берашца чохь яьккхина зама белхан хан санна дIаязъяр хьехна Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас. ТАСС агенталло бина и хаам.
"Бераш кхиош цIахь къахьегар зудчун белхан юкъара хан санна дIалара еза аьлла хета суна", - дIахьедо Москальковас.
Ишта цо хьоьху зударшна генара болхбан магийтар а, нагахь доьзалан хьелашца доьзна и делахь. Белхан жамIаш хIуммаъ лах ца до оцу хьелаша боху Москальковас.
Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллехь хьалхо хааме даьккхинера, пачхьалкхехь бахархойн терахь лахлуш ду, бераш дуьненчу даха хан йолу зударий жимлуш хиларна аьлла.