ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертаза Куьрчала цIанъян декхаре бина Нохчийчуьра бахархой


Веданан кIоштарчу Куьрчалара бахархошна керла хьалайинчу хIусамашкахь белхаш берзо ши кIира делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Бюджетан организацийн белхахоша латкъамаш бина, балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, бертаза субботникашка ийзадо шаьш бохуш, яздо "Кавказский узел" агенталло.

Шайн хIусамаш меттахIиттаяр а дехна, тIаьхьа цига цIа а бирзина, баха дуьхьал хиллачу махкахошкара кху беттан 24-чохь бехк баьккхира Кадыровс. Доккхачу декъанна юьйцург яра Веданан кIоштара Куьрчала. Цо бахарехь, 56 хIусамах 39 цIа даьса ду цу эвлахь. Парламентан спикерна тIедиллира Кадыровс, я "дайина ахча юхадерзаде", я оцу хIусамашка нах бахийта аьлла.

Дахначу мукъаденошкахь Веданан кIоштарчу администрацино вовшахтуьйхира Куьрчалахь субботник. Цигахь дакъалецира администрацин а, кхечу меттигерчу бюджетан организацийн а белхахоша.

Шен цIе а хьулйина, цхьана хьукматан белхахочо дийцина "Кавказский узел" агенталле: "КIоштан префект а, цуьнан гIовсаш а цхьана бара субботникехь. Ас боху, сан хIун гIуллакх ду, шайн юьртда волчу декъа тIехь цIано ян, нехан хIусамашкара нехаш ара а йохуш. Соьга боху куьйгалхочо, кхунах гIадвахна ша а вац, амма лакхарчу хьаькамаша дина омра ду, цунна тIехволийла дац шен. Нагахь хьо реза вацахь, балхара дIавала".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG