ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра 46 урам Кадыров Ахьмадан цIарца бу


Петарбухарчу тIайна Кадыров Ахьмадан цIе тилларна дуьхьалбевллачийн митинг,2016
Петарбухарчу тIайна Кадыров Ахьмадан цIе тилларна дуьхьалбевллачийн митинг,2016

"Яндексан" говзанчаша талламбина Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь а, ярташкахь а, хьенан цIераш лелайо цигарчу урамаша зуьйш. Мониторинган жамIашца, коьртачу декъанна урамаша лелайо пачхьалкхан юкъаралхойн, яздархойн, художникийн, Iилманчийн, революционерийн а цIераш.

Дукхахдолу урамаш къастийна Ленинан, Гагаринан, Кировн, Пушкинан, Калининан, Горькийн, Чапаевн, Мичуринан, Марксан, Чкаловн цIераш лелош хиларца.

Ишта "Яндексо" билгалдаьккхина, Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах пачхьалкхехь 46 урам хилар а.

Юга.ру хьостано яздарехь, Кадыровн урам бу Израилехь а, Кхарачойн Чергазийчохь а, Магасехь а. Ткъа ХIинжа-ГIалахь 2017-чу шарахь шолгIачу урамна а тиллира Кадыровн цIе.

Петарбухахь 2016-чу шарахь Кадыровн цIарца диллира тIай.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG