Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах Федерацин Кхеташонан декъахо волу Арашуков Рауф Зазадоккхучу-беттан 30-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш, сацамбина Басманан кхело. Къевлинчу неIаршкахь дIаяьхьна кхелахоша шайн кхеташо. Бехк тIелаца бохуш, кхерамаш тийсира Арашуковна кхелахойн кхеташо йолаялале хьалха аьлла, дIахьедина цуьнан адвокато.
Федерацин Кхеташонан декъахо бехкево ши стаг верна а, зуламан тоба вовшахтохарна а, тешашна Iаткъамбарна а. Арашуковс бехкаш тIе ца лоцу. 10 миллион сом закъалтна а диллина, дIасавалар а доьхкуш, иза цIахь витар дехнера адвокаташа. Кхечу пачхьалкхехь хьулвала мега иза, я тешашна тIеIаткъамбан тарло цо аьлла, дуьхьало йина иза дIахеца.
Кхааридийнахь йоьдучу Федерацин Кхеташонера лаьцна дIавигира Арашуков.
Оццу дийнахь Петарбухахь дIалаьцна цуьнан да Арашуков Рауль а. Зуламхойн юкъаралла вовшахтоьхна, даккхий ахчанашца курхаллаш лелорна бехкево иза.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?