ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьарамлонаш лелийна аьлла, полицин полковник лаьцна ГIалгIайчохь


Хьарамлонаш лелийна аьлла, шеконашца полицин полковник Шадиев Саварбек лацарх хаамбина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло кхааридийнахь. "Кавказский узел" агенталло яздира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан (МВД) штабан куьйгалхо Шадиев Саварбек белхан хIусамашца курхаллаш лелийна аьлла лацарх.

"Регионерчу МВД-н штабан хьаькам Шадиев Саварбек дIалаьцна, хьарамлонаш лелош хилла аьлла, шеконашца. Бан болийна оцу гIуллакхна гонах талламаш", - яздира ТАСС агенталло а.

Нагахь бехк тIечIагIбахь, Шадиев дIавоккхур ву ницкъаллийн структурашкара, ишта хьакъ доллу таIазар а дийр ду аьлла, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано а.

Информацин хьостано дийцарехь, полковникан Шадиевн белхан кабинет чуьра 260 эзар сом ахча даьккхина. Белхан даржах пайда а оьцуш, хьарамлонаш лелорна 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG