ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцначу Арашуковн цIахь деши, герз, долларш карийна


Арашуков Рауф
Арашуков Рауф

Оьрсийчоьнан Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах сенатор волу Арашуков Рауф Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмиратийн вахархо хилар гучудаьлла талламхошна. ТАСС агенталло бина цунах хаам Талламан комитетерчу хьостанна тIе а тевжаш.

Оьрсийн низамашца Федерацин Кхеташонан декъахь хила бакъо яц, нагахь кхечу пачхьалкхан вахархочун паспорт эцнехь.

Сенаторан хIусамера дIаяьхьна дешин гIорзанаш, коллекцин герз а, валюта а, гойту "360" телеканало яьккхинчу видео тIехь. Ролик тIехь гуш ду кеп-кепара дешин варкъ диллина ботт йолу раритетан тарраш, мидалш, банкан картанаш, долларшкахь ахча а. Арашуков бехкево зуламхойн тоба кхолларна а, ши адам дерна а, тешашна IатIкъамбарна а

Кхааридийнахь Федерацин Кхеташонан хIусамехь дIалецира сенатор. ТIаьхьо Басманан кхело шина баттана чохь сацош сацамбира.

Оццу дийнахь Петарбухарчу "Газпроман" офисехь дIалецира сенаторан да Арашуков Рауль а. Курхаллаш лелорна бехкево иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG