ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан бахархошна 10 миллион евро дIадала декхаре йина Европерчу кхело Оьрсийчоь


Гуьржийчоьнна 10 миллион евро дIадалар тIедожийна Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Оьрсийчоьнна. 2006-чу шарахь Оьрсийчоьно депортаци йинчу бахархошна дIасадала деза и ахча гуьржийн Iедалхойн. Мел лахара а 1, 5 эзар стагна юкъахь декъа дезаш ду и билгалдаьккхина ахча. Шина эзарна тIера 15 эзаре кхаччалц кхочу царна.

Европан конвенцин кхо артикл йохийна Оьрсийчоьно аьлла Страсбургерчу кхело: "юкъара депортаци яр", "бакъо йоцуш маршонех хьегор", "адамаш чохь латто магош доцчу, ледарчу хьелашкахь лаьцна латтор".

Европан кхелан сацамаш къобалбан Оьрсийчоьнан бюджетера хIора шарахь хьажочу барамал а лакхара ду тIедожийна 10 миллион евро.

Оьрсийчоьнан иччархойн урхаллера виъ стаг бехкевира 2006-чу шарахь Гуьржийчохь шпионалла лелош хилла аьлла. Цул тIаьхьа визан раж йохийна цара бохуш, тIаьхьий, хьалхий Гуьржийчоьнан бахархошна депортаци ян йолийра Оьрсийчуьра. Гуьржийчоьнан юридикан министраллан зерашца, пхи эзар гергга гуьржий араваьккхира Оьрсийчуьра.

2007-чу шарахь Тбилисно латкъамбинера Европерчу кхеле шайца лелийна харцонаш юьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG