ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тумгоев Оьрсийчоьне дIаваларан бахьанаш толлур ду Украинехь


Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца гIалгIа Тумгоев Тимур дIавалар талла Украинан Инарла прокуратурано комисси кхоьллина. Инарла прокуратуран пресс-секретаро Лысенко Андрейс тIечIагIдина, комисси вовшахтохар, амма шуьйрра комментари официалан дехарца бен лур яц аьлла. Оцу юкъанна, экстрадици еш кехатна куьгъяздина Украинан прокуроран гIовс Енин Евгений шен декхарш кхочушдеш висина хIинца а.

Жигархоша оцу комисси юкъахь ву аьллачу ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочунна, Лакхарчу Радан депутатна Чубаров Рефатна хууш хIуммаъ дац цу комиссех.

Тумгоевна экстрадици ярна шен куьйгакIелара цхьа а бехке вац аьллера хьалхо Украинан Инарла прокуроро Луценко Юрийс.

Интерполехула лоьхуш хиларна, 2016-чу шарахь Истанбулера кеманца Харькове кхаьчначул тIаьхьа дIалецира Тумгоев аэропортехь. ДаIишца воьзна ву бохуш, бехкево иза ФСБ-но, Тумгоевс ша бакъ ца до и.

Ша лаьцначуьра маьршаваьккхинчул тIаьхьа Украинан Малхбалехь сепаратисташна дуьхьал тIемашкахь хилира Тумгоев, шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан могIаршахь. Ткъа Украинан прокуратурано бакъ дац иза бохуш, чIагIдора.

Стохка Гезгамашин-баттахь Инарла прокуратуран сацамца Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев. Цул тIаьхьа масех де даьллачул тIаьхьа прокуратуран гIишлонна хьалха акци дIаяьхьира, Луценко а, Енин а даржах ваккхар тIедожош. Стохка Лахьан-баттахь БуьритIерчу СИЗО кхачийра Тумгоев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG