ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

130 шо долу Истамбулова Кхокха кхелхина


Оьрийчохь уггар а къена НогIамирзин-Юьртара (Теркйист) 130 шо долу Истамбулова Кхокха кхелхина. Цуьнан йоьIан кIанта Абубакаров Илеса бина и хаам. Цо бахарехь, кхи сагатдеш хIума а дацара цуьнан могушаллица, яздо Новости агенталло.

"Даим санна суьйранна цхьана хIума а кхаьллира оха. Бегаш беш, къамелаш дора цо. ЦIеххьашха вон хилира цунна, кийрахь лазар ду шен аьлча, лоьраш кхайкхира оха. Дагна таIам хилла элира лоьраша, мехий туьйхира. Жимма хан яьлча са делира цуьнан", - дийцина Абубакаровс.

Нохчийн исторехь дуккха а къиза денош лайна ю Истамбулова: массех пачхьалкхан карчам, хIоттам, иттех тIом байна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG